Songteksten

Дог дашош безаман ц1е
Йиллина ахь сан дагт1е
Хьо ца гуш д1адаьлла де
Бодане хетало сайн
Хьо х1унд цавог1у-те
Дагара дийца шовдане
Вай ц1ена къона безам
Акха бала г1ерта-те
Доьху хьога сирла де суна макхоладе
Хилахь соьца к1еда-мерза къинхетаме
Экаме дог парг1ат дац сан и деттало
Хилахьа хьо самукъане къинхетаме
Х1ун ду-те, х1ун хилла-те
Хилар хьо сингаттаме
Алахьа хьай дагахь дерг
Стенна со бехке ю-те
Сан дахаран сирла некъ
Ерриге дог-ойла сан
Доьху хьоь макхолае
Хилахьа къинхетам
Доьху хьога сирла де суна макхоладе
Хилахь соьца к1еда-мерза къинхетаме
Экаме дог парг1ат дац сан и деттало
Хилахьа хьо самукъане къинхетаме
Хилахьа хьо самукъане
Written by: Нажмуди Булуев, Рахман Купчиев
instagramSharePathic_arrow_out