Songteksten

Хьан боху хьо дашо вац
Хьан боху хьо дато вац
Я хьо деза жовх1ар дац
Я дуьненан меха вац
Дашочу малхал дашо ву
Даточу баттал дато ву
Уггар деза жовх1ар ду
Хьо сан дагна везаш ву
Уггар деза жовх1ар ду
Хьо сан дагна везаш ву
Дерриг дуьне серла дохуш
Хьоьстуш гонах хьийза хьо
Сан дог кийрахь ловзадохуш
Хаза Хабарш хезадо
Хьоьца долчу ирсах хьоьгуш
Сайна Деле воьху хьо
Мерза безам соьга буьйцуш
Ахь сан дог а 1ехадо
Хьан боху хьо сан хир вац
Хьан боху со хьан хир яц
Вайша цхьана дехар дац
Вайн безам ирсе хир бац
Дера хир ву, хьо сан хир ву
Дера хир ю со хьан хир ю
Вайша цхьана дехар ду
Ца лалуш берш 1ад1ийр бу
Вайша цхьана дехар ду
Ца лалуш берш 1ад1ийр бу
Дерриг дуьне серла дохуш
Хьоьстуш гонах хьийза хьо
Сан дог кийрахь ловзадохуш
Хаза Хабарш хезадо
Хьоьца долчу ирсах хьоьгуш
Сайна Деле воьху хьо
Мерза безам соьга буьйцуш
Ахь сан дог а 1ехадо
Маьлха йовхо соьга кхийдош
Беттан серло соьца йоькъуш
Хьайн безам сан дагна латтош
Дахийта вай, дуьне хьоьгуш
Хьайн безам сан дагна латтош
Дахийта вай, дуьне хьоьгуш
Дерриг дуьне серла дохуш
Хьоьстуш гонах хьийза хьо
Сан дог кийрахь ловзадохуш
Хаза Хабарш хезадо
Хьоьца долчу ирсах хьоьгуш
Сайна Деле воьху хьо
Мерза безам соьга буьйцуш
Ахь сан дог а 1ехадо
Мерза безам соьга буьйцуш
Ахь сан дог а 1ехадо
Written by: Малика Алдамова
instagramSharePathic_arrow_out