Topsongs van Мадина Хамидова
Vergelijkbare songs
Credits
AUSFÜHRENDE KÜNSTLER:INNEN
Мадина Хамидова
Künstler:in
KOMPOSITION UND LIEDTEXT
Муса Жабраилов
Komponist:in
Тамара Адамова
Songwriter:in
Songteksten
Хьомениг , сан дагах ахь тесна ц1е
Тахна а янза ю ,соьх хьо теша
Лаара суна хьан къайленаш еша
Кхочур вуй хаьа хьо суна г1о эшахь
Кхолламан йозанаш хийцалур дац
Вицлур вац сайна мел гена вийларх
Безаман сирла ц1е йиллинарг кийра
Хир ма вац цкъа а хьо дагна сан хийра .
Сан даг чу хьан амат дижна
Ойланехь ваха хьо висна
Сайн дег1ан са санна, везнарг
Ларбийр бу вайн мерза безам
Вай ца гуш хан-зама яларх
Хьо суна мел гена валарх
Дог хир ду тешаме хьуна
Мел ч1ог1а оьшу хьо суна !
Дицлур дац ахь еза аьлла и де
Сатийсам хилла хьо даг чохь веха
Вовшашна вай ца гуш хан яларх ехха
Хьуна т1е кхочур ю некъ хиларх бехха.
Х1ун хир ду вайшинна безамал товш
Халонаш дахарехь даим нисло
Амма вайн безамо вайшинна ницкъ ло
Дерриге лайнарг а , хилларг а дицло .
Written by: Муса Жабраилов, Тамара Адамова