Songteksten

Говза дуьйцуш,ойла хуьйцуш
Корта хьовзира ахь са
Кийрар дог сай хьуна делла
Ехаш яра хьоменаг
Хьайх тешна долу дог хилла
Хьоме везар 1ехош ахь
Х1инца хьа шалхо гуч яьлла
Баьлла хьоьха безам са
Ахь дуьйцуриг ца1 ду моьттуш
Хьоь ладоьг1уш леларна
Дохко яьлла,дохко яьлла
Ца хилла хьо дешан да
Кхи тешам боцучу хьоьга
Дийца са кхи х1умма дац
1адика хьа йойла везар
Вуьту ас хьо маьрша 1а
Бекхам боцуш дуьсур доци
Ахьа динарг тешна ю
Экаме дог дохинчунна
Дала оьг1азло йир ю
Йо1 лееш лелар хаалахь
Къонахчуьн амаляхь дац
Ше деши да воцчу к1ента
Ши капек бен мах ма бац
Ахь дуьйцуриг ца1 ду моьттуш
Хьоь ладоьг1уш леларна
Дохко яьлла,дохко яьлла
Ца хилла хьо дешан да
Кхи тешам боцучу хьоьга
Дийца са кхи х1умма дац
1адика хьа йойла везар
Вуьту ас хьо маьрша 1а
Written by: Зухра Нунуева
instagramSharePathic_arrow_out