Songteksten
Безаман ойланах цӏов бина,
Сирлачу ойланаш къагийна.
Къера ву, хьо езаш лела со.
Безамо муо битна, дагтӏехь сан.
Амал дац, ойланаш лаьцна со.
Езарна, барам бац тӏех сов хьо.
Тоам бац, ӏебаш дац дог сан хьоьх,
Безаман ӏад тоьхна, ахь суна.
Лерина, хьан бӏаьра хьоьжу со
Эсала, уьш сайна доьлуш го.
Ейна ю, хьо йоцуш яхна хан
Сан хаза туьйра хьо, сан мерза гӏан.
Безаман, лерина иллеш сан,
Тешамо, дог ду сан хьоьх дузош.
Йовзаллц хьо цкъа а ас ца лайна
Ойла ю безаме, дог кхийдош
Written by: Саид Тимирсултанов, Яхита Саламбиева