Songteksten

аьржа буьйса еъна бода бохьуш
Кийрара дог деттало къар цалуш
Хьа дагчу йоьжна дагара хаъа
Луъуш ю, луъуш ду Дог кийрара
  
Дега куьзга ду хьа хаза баьргаш
Гуча бохуш хьа дега лаамаш
Хьо вовзале безам сэй ца хилли
Хиъи суна хьо са дега илли
Волахьа са дог хьаста волахьа
Безаман серлонехь со лепита
Седа санна лепита дахар са
Безамца дегнаш цхьана кхетита
Шийла мох ца го дог1анаш суна
Хьа дега йовхо даим ю соьца
Яга кич ю безаман алонехь
Йиллина хилча и хьа дега не1
Урамашкахь яздина йозанаш
Хьоь д1ас лоьлу лар до ас урамаш
Хьо гаре са туьйсуш со г1ел елла
Хьа безамо ягош сох чим хилла
Са даго соь олу хьо къар мало
Цун дера хьоь кхойкху цо, са даго
Волахьа аьлла даго мохь тоьхча
И хьа дог муха мега алахьа.
Written by: Ислам Ахмедов
instagramSharePathic_arrow_out