Titres les plus populaires de Сати Казанова
Titres similaires
Crédits
AUSFÜHRENDE KÜNSTLER:INNEN
Сати Казанова
Künstler:in
KOMPOSITION UND LIEDTEXT
Милана Гайрбекова
Songwriter:in
Paroles
Мехкарийн оьздалла нахана еза
Дикачу йо1ана к1ант хуьлу реза
Вайшинан дегнаш безамае ц1аргахь
Цхьаъ хилла догуш ду
Хьо воцуш яхар суна ца деза
Дийца йиш елар мел ч1ог1а веза
Ахь серла даьккхина къона дахар
Даггара веза хьо
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац
Хьо ца хилчи со хир яц
Ахь дагар дуьйцуш хьозанаш дека
Шерашкахь хьежа хьоьга ю реза
Х1ун де ас дагна хьоьга цо кхойкху
Хьо вог1у ларво цо
Хьан ц1енан даг чохь вайн безам беха
Корехь со лаьтта ларвеш хьо вехха
Вайн кхоллам ирсе хиларах тешаш
Денош д1аоьху сан
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац
Ас сайн деган дог1а д1аделла
Хьо бен ца веза сайн дош делла
Ишта ц1ена безам кхиош
Еха хьан ц1е сайн даг чохь язош
Хьо ца хилчи со хир яц
Безам, ахь дуьне къагадо
Везаш, хьан ойла еш ю со
Суна, тешалахь хьо ца хилчи
Яхар дуьнен чохь оьшуш дац
Хьо ца хилчи со хир яц
Хьо ца хилчи со хир яц
Lyrics powered by www.musixmatch.com